Москох йогучу хIусамера шина нохчочо кIелхьаръяьккхина йоккха стаг
![Москох йогучу хIусамера шина нохчочо кIелхьаръяьккхина йоккха стаг](https://gdb.rferl.org/EA6EB80A-7714-4E89-A8A1-2D5AF829A9D5_w800_h450.jpg)
Петарах цIе летта хилла Москохан къилба-малхбенехь. ТIекъелдинчу цIенна уллех волучу шина нохчочунна гина и сурт. И шиъ ву Джанаралиев Iайнди а, Вазарханов Балатхан а.
Цу шиммо дийцарехь, цу петаран чуьра мохь хилла хезаш. Орцанхой схькхачаре ца хьожуш, чуиккхинчу цу шина жимачу стага, когаш а, куьйгаш а лаьцна, аратакхийна хIумакхоллучу чохь цIаро йийсаре лаьцна хилла йоккха стаг.
Цу хиламах лаьцна дийцина Москох «360» телеканало. Жима ши стаг жигара хьовзарна велла а, лазийна а стаг воцуш дIадирзина хилларг.