Ши стаг вийна Росгвардин эскархоша Несарахь
Несарахь эккхийтар дина "Ковчег" йохкаэцаран хIусаман гергахь. Низамаш лардочу органаша бинчу хаамца, вевзаш воцучу шина стагах цхьаммо граната кхоьссина Росгвардин эскархошна тIе. Дуьхьала герзаш тоьхна и шиъ вийна.
Дийцарехь, террорхой хила мега аьлла и ши стаг лаца гIоьртина хилла ГIалгIайчу баьхкина Росгвардин эскархой. Граната эккхар бахьана долуш царах шиъ лазийна. Цхьаболчу хаамашца, и шиъ сихонца дIакхачийна Москох клинике.