Шемарчу тIемалошца уьйраш латтийна нохчо лаьцна Полшехь
![Шемарчу тIемалошца уьйраш латтийна нохчо лаьцна Полшехь](https://gdb.rferl.org/176FD205-0239-4384-A2A6-7DF4C8862AC7_w800_h450.jpg)
Нохчийчуьра вахархо лаьцна Полшин чоьхьарчу кхерамазаллин агенталлан белхахоша. Цуннна бехке дуьллуш ду "Исламан пачхьалкх" тобанца уьйраш латтор.
Полшин кхело бакъо елла иза талламан изоляторехь латто 3 баттахь. Меттигерчу лерринчу сервисаша дийцарехь, Iаьльви А. цIе йолу и стаг тIемалойн могIаршкахь тIом бина ву Гергарчу Малхбалехь. Полшех вехаш а волуш, цо уьйраш латтош хилла тIемалошца.