Оьрсийчоьнан пачхьалкхехула кIезиг дIасалелла Нохчийчоьнан бахархой
![Оьрсийчоьнан пачхьалкхехула кIезиг дIасалелла Нохчийчоьнан бахархой](https://gdb.rferl.org/7DB2FCD9-B8D0-45D8-88C3-361634B49387_cx0_cy3_cw0_w800_h450.jpg)
Сбербанкан говзанчаша зераш дина, мел ахча дайина Оьрсийчоьнан бахархоша пачхьалкхехула дIасалелаш. Банкан хьесапца, карарчу шеран 10 баттахь пачхьалкхехула туризман а, белхан гIуллакхашна а дIасалелаш Оьрсийчоьнан бахархоша дайина 756,4 млрд сом. "Интерфаксо" даладо жамIаш, банкан зерашна тIе а тевжина.
КIезиг бу дIасалелачарлахь ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а бахархой. Болчу хаамашца, оцу шина регионан бахархоша уггар а кIезиг ахча дайина дIасаоьхуш.
Ишта цу тептарехь бу Тыван, Чукоткан, Ненецкан автономин гуонан бахархой а. Бинчу талламло гайтина, уггар а дукха туризман бахьанашца нах эхарца Москох а, Москохан кIошт а, Краснодар а, Петарбух а билгалъяьлла хиларх. Доккхачу декъанна дIасалеларш бу студенташ.