"Шайн низамаш" дIахIиттийна 400 Кавказера студент дIалаьцна Москох
![](https://gdb.rferl.org/82D3B889-4738-48D3-AA38-FD5D819E7C7A_cx3_cy0_cw93_w800_h450.png)
Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Орджоникидзе Сергон цIарахчу университетан 400 студент дIалаьцна Росгвардин эскархоша. Къилбаседа Кавказерчу бахархоша "шайн низамаш" хIиттийна хиллера доьшийлан юкъарIойлехь аьлла URA.RU хьостано.
"Паспорташка а хьуьйсуш, талламаш а беш, рейдаш йолийнера Росгвардин эскархоша. "Тхоьца воцург тхан когашкIел хир ву" бохуш, шайна низамаш хьалха а даьхна, герзаш лелош хилла ГIалгIайчуьра студенташ дIалецна"- яздо гIирсо, "Новости Москва" пабликан информацех пайда а оьцуш.
Оршотан Iуьйранна баьхкина хилла Росгвардин эскархой университете операци дIаяхьа.
Журналистийн аьтто ца баьлла, доьшийлера официалан комментарий еха. Телефонаш дIаеттарх, жоп ца делла репортерашна я университетан куьйгалло а, я юкъарчу Iойлехь а.