ГIаттамхошца уьйрашкахь хилла аьлла, кхел йина Нохчийчуьрчу вахархочунна
![ГIаттамхошца уьйрашкахь хилла аьлла, кхел йина Нохчийчуьрчу вахархочунна](https://gdb.rferl.org/F76778A8-ED5C-4E74-B58C-630DB25BA5C0_w800_h450.jpg)
ГIаттамхошца юкъарлонаш лелийна аьлла, бехкевинчу Нохчийчуьрчу 40 шо долчу вахархочунна дуьхьал долийна гIуллакх теллина Грозненск кIоштан кхело. Талламчийн информацица, 2012-чу шарера 2014-чу шаре кхаччалц гIо латтош хилла бехкевечо гIаттамхошна Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанаш тIехь. ГIоьналла латтийна цо, дийцарехь, гIаттамхой дIасалелачу заманчохь транспорт хуьлуьйтуш а, кхача а, молханаш тIекхоьхьуш а.
Нагорное олучу эвлахь герзан хIоьънех ларвала тIамехь ен чIагIо тоян Iалашонца 2013-чу шарахь гIаттамхошна гIишлошъяран гIирс эцна, тIебаьхьна а хилла цо.
Дуьненаюкъарчу лехамашка веллера иза. Цул тIаьхьа кхечу пачхьалкхехь дIалаьцна, кху шеран Дечкен-баттахь Оьрсийчоьне схьавеллера.
Грозненск кIоштарчу кхело набахтехь даккха 5 шо хан кхайкхийна цунна.