Кхелехь харц тоьшаллаш дарна жоьпе озийна Нохчийчуьра вахархо
Талламчаша чIагIдарехь, чохь бехаш нах боцчу гIишлон долахо къастош, Ленинск кIоштан кхело теше санна хеттарш дан валийначу цо кийтарлонаш лелийна хилла. Хеттарш дан буьйлабалале, кхелахоша дIахьедина а хиллера цуьнга, нагахь харц тоьшалла дахь, бехкзуламан жоьпалла тIедожор ду аьлла.