Германига тховкIело йоьхучийн терахь лахделла догIу
Германин арахьарчу гIуллакхийн пачхьалкхан секретарна Тайхман Хельмутна хетарехь, миграцин хаттарехь хийцамаш билгалбевлла.
"2015-чу шарахь Iаламат дукха бара чуоьху мигранташ, ткъа тахана гучу суьртаца, лахара ду тховкIело йоьхучийн терахь", - аьлла Тайхмана Bild am Sonntag гIирсе.
Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло 2018-гIа шо юккъе даьллачу заманчохь юкъаяьккхина "миграцин инарла план" бахьана долуш хила а тарло ишта ситуаци, билгалдаьккхина министраллан пачхьалкхан секретаро.
Стохка Германехь дIатарбала гIертачийн терахь, Германехь куьйгалла дечу ХДС\ХСС а, СДПГ блокашна юкъахь тIечIагIдинчу коалицин бертан кехатца а догIуш магийначу 180 эзарна тIера 220 эзаре ца делира.
"Немецкая волна" хьостано хаамбарца, Германин арахьарчу гIуллакхийн министралло дукха хан йоццуш дIахьедира, 2019-чу шарахь 166 эзар тховкIело йоьхучуьнга ладогIа дагахь ду шаьш аьлла.