Туркойчоьнна дихкина Трампа Шемарчу курдашна тIелатар
"Дукха хенахь дуьйнна дийца долийна, Шемара эскарш арадаха долийна. Оцу юккъехула тайп-тайпанчу агIонашкара тохарш ду деш даIишхойн халифатах дисинчу дакъошна", аьлла яздина президенто кIирандийнахь Твиттерехь. Кхи дIа яздо Трампа: "Экономикан агIор хIаллакйийр ю оха Туркойчоь, нагахь иза тIелатахь курдашна", аьлла.
Ишта курдашна дихкина Iамеркан президенто Туркойчоьнна провокаци яр а. "Суна ца лаьа курдаша Туркойчоьнна а, Оьрсийчоьнна а, ГIажарийчоьнна а, Шемана а провокаци ян. "Исламан пачхьалкх" хIаллакъярехь уггар а доккха дакъа лаьцна цара. Тхоьгара баркалла ду царна, амма хIинца эскарш цIа дерзо деза", - яздина Трампа.
Туркойн президенто ЭрдогIан Реджепа бехкбаьккхина Трампан къоман кхерамзаллехула волчу гIоьнчера Болтон Джонера, Шемара Iамеркан эскарш арадахар курдошна тIе ца лата Туркойчоьне чIагIо а йойтуш нисдарна.
Reuters агенталло шоьтадийнахь хаамбира, Шемаца дозанерчу Хатай провинце танканийн а, гIагI диллинчу машенийн а ковра оьзна аьлла.