ГIажарийчохь кема доьхна, велла 15 стаг
ГIажаройн "Фарс" агенатллан информацица, пачхьалкхан тIеман ницкъийн кема дара иза. ГIиргIазойчоьнан коьртачу шахьарера Бишкекера жижиг дIахьош доьдуш хилла и "Боинг-707" кема. ГIажаройн Фатх аэропортехь охьадусучу заманчохь доьхна и.
Дийцарехь, дохк хIоьттина хиларна аэродромехь тиллачу летчикаша луларчу аэропортехь охьадосина хилла шайн кема. Шен асанел а дехьа а хахкаделла, цхьана дуьхьалонех а кхетта, иккхина кема.
Кеманчохь дийна висина бортинженер дарбан цIийнехь ву.