Университетан студентийн кисана шаьш ца кхийда аьлла доьшийлан проректоро
Ши де хьалха Интернетан машанехь керла хаам баьржира- нохчийн студенташ меттигерчу Iедалша коррупцин системи юкъаийзабо аьлла.
Нохчийн пачхьалкхан университетан хьалхарчу проректоро Киндаров Заура дIахьедина агенталле, оцу информацино ша цецваьккхина аьлла.
"Тхан университетехь цкъа а ца хилла проблемаш берийн ахчанашна тIехула. ХIора догIучунна дIакхачадо оха и стипенди, цаьргара иза схьадаккха цхьаннен а бакъо яц. Тхуна кхоьллина эладитта ду иза, и долийнарг жоьпе озо кийча а ду тхо. Тхо тешна ду, тхан доьшийлан имидж талхорхьама йолийна провокаци ю иза аьлла", - дIахьедина Киндаровс.
Информационан технологийн факультетан 4-чу курсехь волчу студентийн профкоман куьйгалхочо Тукаев Ахмада а тIе ца дитина дешархойн кисана кхийда бохург.
"Ас болх бечу а, доьшучу а юкъанна цхьана студенто латкъам бина бац, шен стипендин цхьа дакъа чусецадо аьлла. Суна хетарехь, тхан доьшийлех бIаьрг бадийта, цхьана Iалашонца долийна эладитта ду хIара", - аьлла Тукаевс а.
Кху деношкахь Маршо Радионо гочйира "Кавказ.Реалии" портало зорбане яьккхина "Мила ву Нохчийчуьрчу студенташкара ясакъ йоккхург?" аьлла артикл.