Эзар сов оппозиционер дIалаьцна Туркойчохь
2016-чу шарахь пачхьалкхехь карчам бан гIортарна бехкебина лецира 80 эзар сов стаг, ткъа кхин а 150 эзар пачхьалкхан белхахой а, эскархо а балхах вохийра. Президентан ЭрдогIан Реджепан критикаша бехкевира иза, путч бахьана а дина, пачхьалкхехь шена дуьхьалберш эшо гIерта аьлла.
1999-чу шарахь дуьйнна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь веха Гюлен Фетхулла. ДоттагIаллин уьйрашкахь вара иза ЭрдогIанца 2013-гIа шо тIедаллалц, исламан юкъараллан болам а кхуллуш. ТIаьхьо пачхьалкхан урхалхошца юкъаметтигаш ийгIира цуьнан. Туркойн Iедалша бехкевира иза пачхьалкхехь карчам бан гIоьртина аьлла, Iамерке схьа а вийхира.
Гюленан "Хизмет" организаци юкъахь бу бохуш, тIаьххьарчу шина шерачохь Туркойчохь лецначу нахалахь бу политикаш а, кхелахой а, тIемалой а, юкъаралхой а.