Шемахь йийсаре лецна даIишхой дIабига аьлла, кхайкхамбина Трампа Европе
Социалан машанехь Iамеркан президента ца боху, лецна джихIадхой Европан бахархой бу, делахь а оцу пачхьалкхашкара бIеннашкахь нах бара даIишхошца. "Халифатан" могIаршкахь Иракъехь а, Шемахь а эшамаш хила боьлча, царех цхьа дакъа Европе юхабаьхкинера аьлла, тешна бу къайлахчу сервисийн белхахой.
Де хьалха Iамерко гIо латточу Шеман демократин ницкъаша дIахьедира, Шемахь "Исламан пачхьалкхан" карахь цхьа юрт ю йисина, гергарчу заманчохь цигара группаш а хIаллакйийр ю шаьш аьлла. Цул тIаьхьа Шемара шайн эскарш арадаха дагахь ву Трамп Доналд.