World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Швейцарерчу Люсина Нохчийчохь шен нах лоьху

Масех шо ду нохчашлахь цхьа хаам дIасалела, Швейцарехь вехачу цхьана кхиазхочо шен да-нана лоьху Нохчийчохь бохуш. 17 шо долу кIант швейцархойн доьзалехь кхууьш ву. 2000-гIчу шерийн юьххьехь шен доьзалца Швейцаре дIавахана волу иза дукха хан ялале дега-ненера Iедало мичча бахьанашца делахь а дIа а ваьккхина, берийн цIийне дIавелла хилла. Ткхъа дена-нанна цул тIаьхьа депортаци йинчух тера ду.


Цу кIанта ша базбина, социалан машанашкахула дIасабаржийначу кхайкхамехь иштта яздина ду: "Суна билгал хууш дерг - тхо Соьлжа-гIалахь Iаш дара, муьлхачу кIоштахь суна дага ца догIу. Цигара тхо Швейцаре схьадаьхкира. 2003-чу я 2004-гIачу шарахь сан дай-наний цIахьажийра Iедало, ткъа со кхузахь берийн кхерчахь витира. Со 2000-чу шарахь вина ву. Суна гергарчара тиллина цIе муха яра суна дага ца догIу, ткъа кхузахь сох Люсин олу. Сан ден цIе Арсаев Рамзан яра. Тхо Соьлжа-гIалахь Iачу хенахь тхоьца деннаний, дендай а дара".


И хаам юккъебаьлчахьана цунна гонах лелаш дуккхаъ дийцарш ду нохчашлахь, цхьаболчара цу кIанта дуьйцург шеконе дуьллуш, вукхара иза бакъдеш.


Маршо Радион аьтто белира, Люсин дика вевзачу, цуьнца гергарло лелочу Швейцарерчу цхьана нохчийн жимчу стагаца зIене яла. Усманов Абубакар цIе йолчу цу кIанта тоьшалла до, Люсин боккъал а шен гергара нах лоьхуш хиларх: "И кIант кхузахь волуш ву, мичча хенахь зIене ваккха йиш йолуш а ву. Суна цхьа ши шо хьалха вевзина ву иза, иштта хиира суна иза шен нах лоьхуш вуйла.


Ас элира цуьнга, Нохчийчохь стаг схьакарон хала дац, хьуна лаахь, вай хьовсур ду хьуна хьан нах схьалаха. Иза чIогIа реза а хилла, яздина дара и кехат. Амма цкъачунна  иза вевзаш нах гучубевлла бац, цуьнан санна фамили йолуш болу нах бен".


Цу кIантана шех а, шен доьзалх а дагдогIуш дерг вуно кIеззиг хIума ду боху Усмановс, амма цуьнан ша Соьлжа-гIалахь Iийна хиларх а, ша нохчо хиларх а шеко яц: "Официале цуьнан 17 шо ду. Дукха хIума дац цунна дагадогIург. 2003-чу шарахь Нохчийчуьра Швейцаре шаьш схьадахкар а хаьа цунна. Дена-нанна цул тIаьхьа депортаци йина, мичахь йина ца хаа цунна. Ден цIе Рамзан юйла а хаьа цунна. Цкъа хьалха соьга шен цIе а Рамзан ю элира цо, ас цунах Рамзан олура цундела. Юха цул тIаьхьа, цо шех Люсин алахьара ахь, И Рамзан бохург шен ден цIе яра элира".


Люсинна гонахара хьал дийцаре дечара социалан машанашкахь а, Маршо Радиоца зIене бевллачехь а версеш  кхийдайо, Европехь дуккхаъ шаьш нохчий бу а бохуш, тховкIело ехна кхечу кавказерчу къаьмнех нах бу, ишттачу доьзалера-м ца хилла-те и кIант, хIунда аьлча иза нохчо хилча, цуьнан кхайкхам гергарчаьрга ца кхочуш а, цуьнан цхьа дай ца бовлуш а Iийр ма бацара, аьлла.


Усмановс шаьш и хIума Люсинца дийцина ду боху, амма иза ша нохчо вуйла хууш ву. Цул совнаха, цуьнан амалш а ю вуно нохчийнчарех тера боху цо: "Цунах лаьцна тхан дуккхаза къамелаш хилла. Суна цунах лаьцна, иза 100 процент нохчо ву я 100 процент нохчо вац ала хуур дац. Амма бакъду, цуьнан лелар а, амал а тергал йича, иза вуно собаре а волуш,  нохчех тера хIумнаш долу стаг ву". 


Люсин цIе  йолчу Швейцарерчу кIанта шен нохчийн гергара нах лоьхуш хилар бакъ ду. Нагахь санна билгал цо юьйцучу хенахь Швейцарехь баьхна, цигара депортаци а йина, шайн доьзалхо а воцуш, цIабаха безна хилла нах коьртах бовлахь, иза кийча ву видеозIенаца а, вуьшта а контакте вала.


Бакъду, и кхайкхам цо баржийча дуьйна цхьа бIеннаш махкахой иштта дIа шайна интересе хиларна а, сагатдаларна а иза ган лууш хиларна, шен сурт а, телефон а массарна а йовзийта ца лаьа цунна.


Нагахь билгал цуьнан гергара нах гучубовлахь, Маршо Радио кийча ю цуьнца зIе еш гIодан.


 


 

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Под сенью мудрых великанов. Чем удивляет обновлённый Музей природы заповедника «Белогорье»

Ирина Муравьева увезла из Благовещенска награды, подарки и признания в любви

В Дзержинске установили памятник муромским святым Петру и Февронии

Вратарь «ПСЖ» Сафонов не приедет в сборную России из-за долга в 60 млн по алиментам

Музыкальные новости

В Москве ежегодно состоялся юбилейный, всероссийский, патриотический гала-концерт «Проза и поэзия» «Россия - семья семей»

Можно ли перевестись из одной автошколы в другую в процессе обучения?

Дистрибьюция Музыки. Дистрибьюция Музыки в России. Дистрибьюция музыки в вк. Яндекс музыка дистрибьюция. Цифровая дистрибьюция музыка. Дистрибьюция музыки под ключ.

С номером 666. Audi влетела в фуру на скорости 300 км/ч в Подмосковье

Новости России

Финский дипломат оценил возможность улучшения отношений Москвы и Хельсинки

INDEX SAUDI 2024: КОМПАНИЯ «СИМПРЕАЛ» ДЕРЖИТ РУКУ НА ПУЛЬСЕ ТРЕНДОВ КЕРАМИЧЕСКОЙ ИНДУСТРИИ

Юная велогонщица умерла после падения на юниорском чемпионате мира в Швейцарии

Педагогам колледжа университета «Дубна» присвоили звания и вручили грамоты

Экология в России и мире

Обучение первокурсников Ивановского железнодорожного колледжа началось с экскурсии в сервисное локомотивное депо «Иваново» филиала «Северный» ООО «ЛокоТех-Сервис»

Новосибирские хирурги провели сложную операцию по удалению опухоли позвоночника

Коллекция Nensi Dojaka весна-лето 2025

После отдыха в Турции муж теперь постоянно просит такую яичницу на завтрак: вот рецепт, ингредиенты есть в любом российском магазине

Спорт в России и мире

Александр Зверев снялся с турнира ATP-500 в Пекине

Зарина Дияс может встретиться с Ариной Соболенко на топовом турнире

Пекин (ATP). 2-й круг. Котов сыграет с Коболли, Сафиуллин – с Синнером, Медведев – с Маннарино

Токио (ATP). 1-й круг. Хуркач сыграет с Гироном, Берреттини – с ван де Зандшульпом

Moscow.media

В Ленинском районе Крыма проверили бывших мигрантов, не вставших на воинский учет

DCLogic: программная платформа «Кандата» повысит эффективность работы отечественных предприятий до 15%

Жизнь-штука полосатая...

Проект «Райтек ДТГ» стал лучшим в ПФО







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *