Шайн бакъйолу истори йовза лаьа нохчашна
![Шайн бакъйолу истори йовза лаьа нохчашна](https://gdb.rferl.org/1A69B337-7117-4120-A177-ED9B94F133F7_cx7_cy0_cw78_w800_h450.jpg)
Нохчийчоьнан истори, хууш ма-хиллара, хIинца а кхоччуш теллина а, язйина а яц. Амма и кхачамбацар дIадаккхар Iалашонца къахьоьгуш бу даймохк безаш а, цунна сагатдеш а болу вайн къомах болу похьма долу историн Iилманчаш. Царах ву Малхбузерчу Европехь веха Вачагаев Майрбек а, Абумуслимов Сайд-Хьасан а.