Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Вагнер: ХIинца кхетта со сайн кху дуьненчу валаран маьIнах

 




 


Бусалба динца а, мигранташца а гома хиларца гIаръяьллачу немцойн „Германина Алтернатива“, дацдина  аьлча,  AFD партин регионерчу куьйгалхойх цхьаъ волчу Вагнер Артура бусалба дин тIеэцна. Цуьнан партерчу накъосташна а, цу партин хьежамаш а, леламаш а бевзачарна а юкъахь йоккха гIовгIа яьккхира цу хаамо.


Ша Вагнера - цо шена хIинца Ахьмад аьлла бусалба цIе тIеэцна - и шен сацам цхьана юкъана къайленехь битинера. Даханчу шарахь ГIадужу- баттахь дин хийцина волчу цо шуьйрачу юкъараллина ши кIира хьалха бен ца хаийтира иза. Цкъа хьалха шен керлачу хьолах дIавола лаьара шена аьлла кхетийра политико Маршо Радиоца къамелехь ша тIаьхьа бен им диллар гIар ца даккхар.


Вагнер Оьрсийчуьра орамаш долуш ву. Иза Уралехь вина ву 1968-чу шарахь. 1993-чу шарахь "оьрсийн немцо" санна Германе ваха схьавеана Вагнер.


Ша дуккхаъчу шерашкахь шен спиритуале некъ лохуш вара бохуш дуьйцу цо Маршо Радиоца эксклюзивечу интервьюхь: "Цкъа а бусалба динца проблема ца хилла сан. Ориентана тIера хилла а ву со даима. Политика а, дин а толлуш хилла ву со, сайн дахарехь тайп-тайпана спиритуэлан зеделларш гулдеш а лелла со.


2002-чу шарахь Узбекистане а, Туркменистане а вахара со. ЧIогIа хаза тIеIаткъам бира суна цигарчу културо а, наха. Юха цигара цIавирзича дуьйна бакъдерг лохуш вара со, Делаца уьйраш лоьхуш, Далла тIе юхаверза лууш. Бусалба динехь сайна иза карор ду аьлла хетара суна, амма ехха хан яьккхира, "хьо кериста ву, хьо кериста висса а веза" аьлла хеташ".


Вагнера къайла ца хьо, ша национал-консервативе хьежамаш болуш хилар. Цул совнаха, ша протестантийн килсанах дIакъастарехь а, ша бусалба дин тIеэцарехь а шена тIеIаткъам бинарг даханчу шарахь Германехь хиллачу гей-парадехь дакъалоцуш протестантийн мозгIарш хилар дара боху цо: "ТIаккха и проблема кхоллаелира, протестантийн килса "Маре массарна а" бохучунна резахиларо кхоьллина йолу. Юха цул тIаьхьа Christopher Street Day парадехь евангеликан килсан мозгIарш бахнера дакъалаца, цигахь бераш а доллушехь.


Ткъа иза суна... и саннарг соьга ца дало. ТIаккха со килсанна генавелира. Бусалба дин тIеийцира ас. Цул тIаьхьа сан сайн тидам хилира, сайца вуно дукха тайп-тайпана хийцамаш хуьлуш, вуно дика хийцамаш хуьлуш сайца а, сайн гонехь а. Вуьшта а чIогIа ирсе а ву со".  


Ша бусалба динний, немцойн национал-консервативечу ницкъашний юккъехь тIайнашдахкархо санна го политикна.


"Германина алтернатива" партехь массо а куьйгаллин дарж ша дин тIеэцарца охьадиллина, цу партин могIарера декъашхо а вуьсуш, боху цо: "ЧIогIа атта жоп ду суна карийна. Со хIинца дукха хан йоцуш кхетта со кху лаьттахь стенна ву. Тхо, Европера бусалбанаш, тхо тIайш дохкуш ду. Со Германерчу бусалба динна юккъе вогIуш ву. Нагахь санна сан партина со кхин ца эшахь, проблема яц, тIаккха со дIагур ву.


Амма вай дерриш а адамаш ду, вай цхьа юкъара барт лаха беза. Вай вовшашца къамел дан деза. Бусалбачарна юккъехь национал-консервативан хьежамаш болу стаг а хила веза, уьш вовшех кхетийта. Цундела цкъачунна AFD юкъахь вуьсу со. Со могIарера партин декъашхо ву. Верриге а сайн доьзална а, айса долочу сайн бусалба Iилманийн дешарна а тIеверза дагахь ву со". 


Муьлхачу а керла им диллинчу бусалбанан санна цу динан баххаш Iамош ву Вагнер. ХIинцале а ламаз эца а, дан а Iамийна цо, цкъачунна мелла а ламаз цунна шарделла дацахь а: "Ас кест-кеста КъурIан доьшу. ХIинца кхузахь ах сахьт даьлча ламазан хан ю вайна тIекхочуш. Ас, ламаз а эцна, сайна хуучу агIор ламаз дийр ду".

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *