Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Австрин полици: «Нохчий, Iедалан белхахошна тIекхийда мегар дац!»

Австрин полици: «Нохчий, Iедалан белхахошна тIекхийда мегар дац!»

Венерчу интеграцехула а, къаьмнийн тайп-тайпанналлехула а йолчу магистратан белхахоша меттигера Iедалхой а, нохчийн диаспоран векалш а гулбинера шайн кхерчахь. Цара кхайкханера Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера лаккхарчу даржашкара масех полисхо а, къайлахчу сервисан векал а. Ткъа цаьрца шайна лазаме долу хеттарш дийца гулбинера тайп-тайпанчу нохчийн цхьаьнакхетараллийн векалш а, юкъараллин жигархой а, кегирхой а.

Цхьаьнакхетар вовшахтоьхначу Магистрат 17 цIе йолчу хьукматан белхахочо Мехмети Сайдинс элира, гулдаларан бахьана нохчийн къомах болчу кегийрачу наха тIаьхьарчу беттанашкахь Iедалхошца тийсадаларш лелорна юкъараллехь яьллачу IалагIожца а, Iедалхошца нохчийн диаспоро цхьаьнаболхбаран некъаш лаха хан тIекхаьчна хиларца а доьзна ду, аьлла.

Шайн агIор полисхоша тоьшаллаш дира, шайна зуламаш а, талорш а лелош берш муьлхачу къомах бу бохург хьесапе а дац, аьлла.

Шаьш толлуш дерш низамца цхьаьна ца догIуш долу леларш ду, мила муьлхачу къомах ву бохург дац элира цара боху цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хиллачу нохчийн студентийн «Серло» це йолчу тобан куьйгалхойх цхьаъ йолчу Кушалиева Таисас: "Полицин урхаллера 4 стаг а, криминалан декъара I стаг а вара веанарг. Цара шайна къаьмнаш бен а дац бохура, криминале леламаш бен.

Юккъера нохчашца шайн коьрта проблема нохчийн къомах берш полицина а, Iедалан белхахошна а дуьхьало еш хилар ду бохура. Кхечара Iедална дуьхьало еш яц бохура цара, нохчий боцучара. Иза доьзна хила там бу бохура, цIахь Iедалхой нохчашца во хилла хиларца а, нохчий полицех тешаш ца хиларца а. Амма шаьш шуна зуламна арадевлла дац бохура, шаьш зуламхошца къийсам латтон арадевлла ду".

ХьастагIа австрихойн телевизионехь нохчашна леринчу цхьана программехь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векало элира, Австрехь бехачу 30 эзар сов нохчех 10 процент криминалечу леламийн декъа хилла ву, аьлла. И терахь сел лакхара хилар вуно чIогIа новкъадеана меттигерчу вайнахана.

ХIинцалерчу полисхошца цхьаьнакхетарехь а и статистика йийцаре йира шаьш боху студентийн тобан векал йолчу Кушалиевас: "Цу чохь гулбеллачара хеттарш дира шайна мехала долчух. Масала, тоххара полисхочо хьахийна йолчу статистиках дерг хаьттира оха, нохчех 10 процент криминале бу бохучух лаьцна. И статистика царна евзаш яцара. Цара шайн нохчийн къомах боцучаьрца а ю бохура шортта проблемаш. Делахь а, Iедалхошна тIе куьг дахьар нохчашна юккъехь дукха нислуш хилар къаьстина билгалдаьлла ду шайна элира цара".

Iедалхошца цхьаьнакхетарш алсам мел хуьлу а Австрехь бехачу нохчийн юкъараллина пайда дукхаха хир бу аьлла тешна ю Кушалиева: "Шайга ала бохура цара вайна хIун дика ца хета а, вайна муьлха кхачамбацарш го а.

Шаьш, полисхой, муьлхачу а хенахь ишттачу цхьаьнакхетаршка дахка а, шайн балхах лаьцна дийца а, хуург хьеха а кийча ду элира. Цигахь цхьана жимчу стаго шега воьдуш-вогIуш полицино сих-сиха кехаташ хотту, наг-нагахь вуно шога хотту шега Iедалхоша документаш аьлла дийцира.

Ткъа цунна дуьхьал полисхоша хьехар дира, хьайга хаьттича дуьхьал хаза ларамца вист а хилий, кехаташ дIагайта. Ткъа нагахь санна Iедалан белхахо хьайца шога хиллехь, цунах дерг шайга схьахаийта, шаьш массо а хIума толлур ду, аьлла. ХIунда аьлча, хьанна а урамехь тIе а воьдуш таллам бан йиш яц бохура цара Iедалхойн. Нагахь санна шайна цхьаъ цхьана хIуманна шеконе хеттчий бен.

Суна иштта и тайпа цхьаьнакхетарш вуно пайдехьа хета. ХIунда аьлча Iедалхоша цигахь кхетадо шайн балхах лерг. Нохчий цига алсамох мел богIу а дика хир дара аьлла хета суна".

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Мосгорсуд оставил без изменений меру пресечения организатору теракта в "Крокусе"

Наталья Попова примет участие в мультиформатном фестивале в День России

Более 8 тысяч человек посетили арт-фестиваль «Сирень+» в Солнечногорске

«Чебурашка» вернулся на съёмочную площадку

Музыкальные новости

Студия Звукозаписи в Москве. Создание Песен, Музыки, Аранжировок.

Более 40 тысяч семей в Москве и области получают ежемесячные выплаты из средств материнского капитала

Eurasianet: Азербайджан публично и цинично уничтожает армянское культурное и историческое наследие в Нагорном Карабахе

Жители Смоленска с воодушевлением приняли подарок Сбера

Новости России

Мосгорсуд оставил без изменений меру пресечения организатору теракта в "Крокусе"

Круглый стол №1 по теме страхования жизни, 28 мая 2024

Наталья Попова примет участие в мультиформатном фестивале в День России

В бундестаге выдвинули Шольцу требование по России

Экология в России и мире

В Москве в ТРЦ Columbus открылся магазин O`Stin в формате 4.0

3 детские зубные щетки "Ревилайн" по цене 2 в магазине "Ирригатор.ру" ко Дню защиты детей

Скидки на звуковые щетки и зубную пасту для детей от компании "Ревилайн" до 6 июня 2024 года

VK Fest 2024: Музыка и Развлечения на Открытых Площадках России

Спорт в России и мире

Организм был не в состоянии: Потапова прокомментировала поражение на «Ролан Гаррос»

Мирра Андреева впервые вышла в четвертьфинал турнира Большого шлема

17-летний россиянин Даниил Саркисян разгромил Форбса из США на юниорском «Ролан Гаррос»

Димитров пробился в четвертьфинал Открытого чемпионата Франции

Moscow.media

Торжественное возложение цветов к памятному знаку «Юным героям — партизанам и подпольщикам» в Феодосии

РОССИЮ ОЖИДАЕТ ПЛЮС 50 ГРАДУСОВ: КАКИМ ГОРОДАМ ЖДАТЬ АНОМАЛЬНУЮ ЖАРУ

Белоусов и его зам продолжают зачистку. Настала очередь главного коммунальщика Минобороны. Обвинение просит 12 лет за взятку

Для строительства участка Приморского кольца в Калининградской области ищут подрядчика







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *