Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Австрерчу нохчийн студентийн гулам: Дешаро бен бохьур бац аьтто

Кхушеран бIаьста Австрерчу Нохчийн Нанойн цхьаьнакхетараллин а, ГIалин интеграцин магистратан а гIоьнца вовшах а кхетта, юкъараллин кепехь кхидIа зIенехь хила сацам бина нохчийн студенташ Австрехь бехачу шайн къона махкахошца, колледжийн дешархошца, машанаш кхолла гулбеллера.


Цхьаьнакхетаран мехалла Маршо Радиоца къамелехь йийцира дакъалацархойх цхьамма - Шалдаев Рахьмана. Венерчу техникан университетехь машенашъяран Iилма Iамош ву иза. Ша деша волалучу хенахь цхьа а нохчийн студент шеца ца хиларо чIогIа хорам бора шена, боху цо.


Шалдаев: „И санна цхьанакхетарш хилийта ас сатесна дукха хан яра. Со 2009-чу шарахь университете дIахIоьттича, цхьа а нохчийн къомах студент вацара цигахь. Юхьанца чIогIа ницкъ хилира суна, кхечу къоман студенташа керла тIебаьхкинчу шайн махкахошна гIо дора, масала, туркоша - туркошна, Iаьрбаша - Iарбашна. Вайнахах цхьа а хир варий-теша, олий, дIасахьожура со. Со цигахь волу масех шо ду, ткъа вайнахах иттех стаг бен вац хIинца а. Мелла а вайн кегирхошна юкъахь жимма а даьржар дацаре-те сан дешар, бохуш, сатуьйсу ас“.


Студентийн дийца IаьIна дуккха а дара. Маршо радионе гулам вовшахтухуш хиллачех цхьамма, Шугаипова Таисас, бахарехь, уггаре хьалха уьйраш чIагIъян а, доьшуш боцчарна дешар марздан гIортар а дара кегийрхой бараме гулбалар.


Шугаипова: „Кху Венера студенташ вовшашна бовзийта а, кегирхошна дешар марздалийта  дагахь вовшахкхеттера тхо. Тхайн тобан низам билгалдаьккхина оха. Цул совнаха, муьлха проекташ ян йиш ю бохург а дийцира. Коьрта тема дешар дара тхан“.


 




​Шалдаев Рахьманна хетарехь, Австрехь бехаш эзаршкахь нохчий хилар тидаме эцча, вуно тIаьхьабисина вайнехан кегирхой Iилманаш Iаморехь. Амма дешар а, корматалла Iамор а, Iилманашка кхийдар а мел мехала а, оьшуш а хIума ду хIора стагана шена а, иза вехачу юкъараллина а бохучух кхетам нохчийн къоначу чкъуралахь чIагIбелча, и хьал хийцалур дара аьлла хета цунна.


Шалдаев: „Венехь 6 университет ю. Ткъа, дийцарехь, Австрехь 30 эзар вайнах бу бехаш. Амма 10 эзар стаг бен кхузахь вацахь а, масала, оцу айса доьшучу университетехь иттех нохчо бен доьшуш ца хилар суна боккха эшам хета. ЧIогIа тIаьхьадисина хета суна вай дешарца, иза стенца дозу-м ца хаьа суна. Вайн дахарехь мел йолу хIума, аьр вай, смартфон хуьлийла иза я машен, уьш ерраш а университеташкахь Iилманаш Iаморца кхуллуш ю, юкъараллина чIогIа мехала ду дешар, адамна шена а ду.




Тхо вовшахкхетар иза дийцаре а деш, берашна а, церан дай-наношна а дешар марздалур дацара-те бохучунна дара. Университет ца яккхахь а, хIораммо а шайна цхьа корматалла Iамор яцара-те, хене вала а, кхана-лама воккха ма-хилла, оьшур долуш а, кху заманчохь ца хилча ца долуш а ду-кх иза“.


 


Венерчу студентийн тобано шайн цхьаьнакхетарехь цхьамогIа пайде сацамаш тIеийцира. Уьш хIинцачул тIаьхьа сих-сиха вовшахкхета а, кегирхошца бина ца Iаш, церан дай-наношца а дешаран мехаллаш йовзуьйтуш болх дIабахьа лерина бу. Цул совнаха, кегирхошна шайн къоман исбаьхьалла а, шаьш бехачу юкъараллин синан хазнаш а йовзуьйтуш, царна Iуналла дан а дагахь бу уьш.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *