Украинера хьал дуьйцуш ширачу репортажах пайда эцна оьрсийн телевизионо
![Украинера хьал дуьйцуш ширачу репортажах пайда эцна оьрсийн телевизионо](https://gdb.rferl.org/afbd8b8c-5d40-412b-8cc5-98b579fe7362_tv_w800_h450.jpg)
Видеосурт а, цуьнан аьзнаш а чIогIа инзаре хета: шерачу аренгара дакъа, оьрсийн пачхьалкхан телевизионо чIагIдарехь, маьршачу дахархочуьн ду. Иза Украинан эскархоша вийна боху, Украинан малхбалера сепаратисташ кхерон Iалашонца. Амма "Россия-1" телевизионо Украинехь даьккхина боху и видеосурт, ма-дарра аьлча, 18 бутт хьалха, Къилбаседа Кавказехь антитерроран операци дIахьош даьккхина ду аьлла цкъа гайтинера.