Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Хангошвили: Дайн гIиллакхаш довзийта гIерта со кегийрхошна

Хангошвили: Дайн гIиллакхаш довзийта гIерта со кегийрхошна

Кху деношкахь оьрсийн маттахь зорбане яьлла "Кистойн Iадаташ" (Адаты кистин) цIе йолу книга. Цуьнан автор ву Гуьржийчоьнан ПIаьнгазарчу бахархойн Къанойн кхеташонан декъашхо, яздархо а, хьехархо а волу Хангошвили Хасо.

 

Хангошвилис билгадаккхарехь, "Кистойн Iадаташ" дуьххьара гуьржийн маттахь зорбане яьллера Тбилисехь 2015-чу шарахь. Цу тIехь болх беш ша юьхьарлаьцна хиллачу Iалашонех лаьцна иштта дуьйцу цо.  

- Вайн дайша лелийна Iадаташ а, Iедалш а хан йолуш юкъара дIадолуш ду. Уьш кегийрхошна довза а ца девза. Цундела, иза вайна юкъара дIа ца далийта а, кегийрхошна довзийта а, иза латтийта а (Iалашо яра сан). Вайн къам кхечу къаьмнех къастуьйтуш долчу оцу Iадаташа латтош ма ду вайгахь стогалла а, къонахалла а, яхь а, юьхь а, оьздалла а. Иза вайна юкъара дIа ца далийта, иза дагалаьцна вовшахтоьхнера ас вайна юкъахь лаьттина долу хIуманаш.

- 1962-чу шарахь хьо деша хIоьттина хилла Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн университете. ДегIастанахь беха нохчий шайн леларца а, синкхетамца а башхалла йолуш хетарий хьуна, Гуьржийчуьрчу ПIаьнгазахь бехачу вайн нахах?

- Дуьххьара со цига вахнарг 1960 шо дара дIадаханчу бIешеран. Нохчий Сибрехара цIаоьху хан яра иза. ГIалийтехь уьш кIезиг а бара. Уггаре хьалха сан тидам тIебаханарг дара вай вовше болу безам а, ларам а, вежарий хилар а, йижарий хилар а.

Иза чIогIа лаьтташ дара. Бакъду хьуна иза, эрмалой а, гIазакхий а дукха бара  цигахь. Нохчий гуш а ца хилара. Хезаш а ца хилара вайн мотт буьйцуш. Амма, бакъ ду, дов иккхина хIума нисделча, лаьтта бухара схьаваьлча санна хьуна улле дIа-м хIуттур вара цхьаъ, вайн нехан стаг вуй хьо, олий. Кхузара дIадахана тхой а, цу бухахь болу уьш а - тхуна юкъахь цхьа а башхалла яцара оцу хенахь.

- Ткъа тахана ши тIом хиллачул тIаьхьа къаьсташ буй Нохчийчохь беха вайн къомах болу нах а, ПIаьнгазахь беха нохчий а?

- Со цигахь, (тIаьхьарчу хенахь) цига вахана хилла вац, амма цигара схьа хабарш дохьу, вайн кхузара цига дIабахана Iаш берш а, цигара схьабаьхкина Iаш берш а юкъаметтигаш латтош ма буй. Цара дийцарехь... (Нохчийчохь) хьалха хилла нохчий бац боху цара. Бовза а ца бевза уьш боху цара. ЧIогIа хийцаделла, боху адам.

Хийца адамаш кхузахь а делла, нийса дерг ала деза. Шен хене хьажжина цу хено схьамадохьий дерриг а. Амма цигахь чIогIа хийцаделла аьлла хабар ду... Вайн хьалха хилла нохчий а, хьалхалера нохчийн оьздалла а... и хIуманаш чIогIа гена девлла-кх аьлла кхийтира со. Цунах чIогIа дог эшна а ву со, хьуна бакъдерг дезахь.

- Шина тIамо Нохчийчуьра адам вуно хийцина хилар ахь санна билгалдоккху, цIера бевлла дикка хан яьккхинчул тIаьхьа юха цига кхаьчначу вайн наха. Бохийна Сибрех бахийтина 13 шо даьллачул тIаьхьа мел хийцабелла карийнера ПIангазарчу нахана 1960-чу шерашкахь цIабирзина нохчий?

- Кузахь Iаш берш ломара охьабаьхкина бара. Цхьанаметте охьа а хевшийна, кхечу (меттигерчу) бахархойх дIа ца уьйш, дайша цигара схьадеънарг чIогIа лардина дара. Амма 13 шо Казахстане дIабахийтина хIаллак хуьлуш къаьхьа даьккхинехь а цIабирзича вайн Iадаташ а, оьздалла а, стогалла а, яхь а цаьргахь йолуш яр-кх хьуна, кхин башхалла йоцуш.

- Ахь хьайн книгина "Кистойн Iадаташ" аьлла цIе тилларна дегабаам бина нах хила а мега иза ешархошна юкъахь. Цаьрга хIун эр дара ахь? Нохчех дIакъаьста ойла йолуш аьлла ма доций ахь иза?

- Дера дац! Ас сайн дешхьалхенехь аьлла му ду иза. Кхузахь кистой олу нохчех а, гIалгIайх а. Ас книга гуьржий маттахь язйинан дела, гуьржашна иза довзийта а, иза юьхьарлаьцна а "кистой" аьлла ас. Цхьа иттех юрт ю тхан кхузахь (ПIаьнгазахь), муьлхха а бере дIахатта, хьо мила ву алий, нохчи ву ша эр ду цо.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Источник 360.ru: голый мужчина в наркотическом опьянении бегал по Москве с ножом

Педагоги получили менее 500 рублей за проведение ЕГЭ в регионах

Уральский банк получил награду за лучший социальный проект в стране

18 июня в истории Асбеста

Музыкальные новости

Собянин сообщил о планах благоустройства территорий школ и детских садов

Автопробег в честь Дня России прошел в Ленинском округе

Московский аэропорт Домодедово и Всероссийское общество инвалидов заключили соглашение о сотрудничестве

Иерей Александр Туховский: Очень нужна помощь!

Новости России

Спортсменку из Хакасии допустили до участия в Олимпиаде

Уральский банк получил награду за лучший социальный проект в стране

18 июня в истории Асбеста

Что замалчивают чиновники в России: Правду сообщил академик РАН

Экология в России и мире

Сэкономить и оторваться с Angsana Velavaru

Зубные щетки Revyline Perfect DUO и зубная паста Organic Detox против кариеса в Назрани

Первый Международный фестиваль «Мир классического романса»

Звезды оперной сцены представят I Международный фестиваль «Мир классического романса»!

Спорт в России и мире

Людмила Самсонова не отдала голландскую траву // Она продолжила серию российских побед на теннисном турнире в Хертогенбосе

Рублёв и еще два российских теннисиста не сыграют на Олимпиаде в Париже

Теннисистка Самсонова вышла в финал турнира в Хертогенбосхе

Курникова показала трогательные фото Энрике Иглесиаса

Moscow.media

Bluetooth-сканер штрих-кодов SAOTRON P04 на базе CMOS-матрицы

Бесплатный билет в музеи Зеленоградска от «ПАРАDOX» и BelkaCar

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Отделение СФР по Москве и Московской области выплатило единовременное пособие при передаче ребенка на воспитание в семью 474 семьям региона

В Екатеринбурге начался второй этап опрессовок







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *