Оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом дагалецира Литварчу Сеймехь
![Оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом дагалецира Литварчу Сеймехь](https://gdb.rferl.org/04CF779F-1034-4367-AAA6-12D0791C8952_w800_h450.jpg)
ТIаьхьарчу масех кIирнахь Европерчу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь дагалоцуш ду хьалхара оьрсийн-нохчийн тIом балар. 20 шо хьалха болабелалла хилла и къоман бохам бийцаре бира кху деношкахь Литварчу сеймехь а. Цигахь „горгарчу шуьне“ гулбеллера Европера а, Украинера а, Нохчийчуьра а политикаш.