Шен каранна тIера "В.В.Путин" дIадайийтина суьдхоша спортхочуьнга Ивановга
Австрерчу Зеефельдехь хиллачу къийсадаларшкахь "шегара даьлла хьуьнар" журналисташна гойтуш хилла иза. Цунах лаьцна яздо Sports.ru. сайто. Ивановс дийцина, ша динарг Путин Владимир шен президент а, дукхавезаш стаг а хиларца доьзна ду аьлла.
Шайн агIор суьдхоша дагадаийтина Ивановна, федерацин низамашца къовсадаларшкахь политикан хаамашна меттиг цахилар.
Оьрсийн спортхочуьнга дIадайийтина ша каранна тIе яздинарг, яздо Sports.ru.