Оьрсийчоь тIемаш бахарна бехке йо актеро Серебряковс
Интернетехь гучуяьлла цо Лондонехь елла интервью, хаам бо 24smi.org сайто.
Актеро кху заманах лаьцна а, дуьненчохь хуьлучух лаьцна а шена хетарг дуьйцу, Оьрсийчоьно лелочу арахьарчу политикана критика а еш. Серебряковна хетарехь, Нохчийчохь а, Гуьржийчохь а, Украинехь а, Шемахь а тIемаш бахарна жоьпаллехь ю Москох.