Нохчийчуьрчу студенташна гIо дийр ду туркоша
Хакимов а, ткъа иштта республикан дешаран министр Байханов ИсмаьIил а цхьаьнакхетта цу хьокъехь цу фондан векалшца. Цкъачунна ледаро таронаш йолчу а, Соьлж-ГIалана генарчу кIошташкарчу а доьзалшкара студенташ туркойн фондан чоьтах дIатарбийр бу республикерчу цхьана техникуман а, хьехархойн колледжан а хIусамашкахь.
Байхановс бинчу хаамца, тIейогIучу хенахь Истанбулера фонд дагахь ю шаьш гIо динчу студентийн Туркойчохь деша аьтто бан.