Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Европан кхел: Бехке ю Оьрсийчоь нохчийн доьзалшна хьалха

870 эзар евро гIуда охьадуьллур ду Оьрсийчоьно шен эскарша Нохчийчохь тIемаш бечу шерашкахь Гайсумов Рустам, Махмудов ИсмаьIал, Асуханов Ислам, Даштаев ИсмаьIал, Мукаев Супьян, Магомадов Лоьма, Наузов Ваха, Дутаев Зеламха, Сатиев Iалихан, Абубакаров Вахьаб, Элдерханов Хьусайн доьза вайарна.


Иштта бу кхе деношкахь Страсбурго Iазап лайначу а, къиза хIаллакбинчу а нохчийн хьокъехь бина рогIера сацам. 2002-чу – 2006-чу шерашкахь Iедалхоша лечкъйиначу эзарнех ву и 11.


Байначийн итт доьзална кхачийна Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело 80-80 эзар евро, цхьана доьзална – 70 эзар.


Наханна тIехь Iазап дар доьхку дуьненаюкъара низам талхорна а, адамаш маршонах дахарна а, церан гергарчарна кхелашкахула нийсо лаха некъ цабитарна а бехкейина Оьрсийчоь.


ЦIерш яьхначу 11 стагах хууш дац мила стенга вигина, муьлхачу хьелашкахь кхачийна доьза байначийн могIаршка.







Магомадов Лоьмин нанас дийцарехь, 2002-чу шеран гурахь, Лахьан-баттахь, буьйсанна юккъехь вигина шен цIера.


Доьза вайначу 11 стагах цхьаъ -Махмудов ИсмаьIал – бер ду. Цуьнан нанас шен бер дайна боху 2003-чу шеран юьххьехь.


Иштта бу, коьртачу декъанна, ницкъаша лечкъийначу нохчийн хьокъехь Страсбурго рогIехь бина сацам.


Хьалхо Европан кхело бехкейира Оьрсийчоь иза шеца юкъахь болхбан туьгуш цахиларна, къаьсттина Нохчийчохь а, Къилбаседа Кавказан кхечу мехкашкахь а дина зулам толлуш.


Нохчийчохь адамашна тIехь гIело еш, уьш хьийзош хиларо гойту оцу махкарчу Iедало шен болх бан ма безза беш бацар а, пачхьалкхо и хьал тергамза дитинийла а, аьлла Страсбурго. Цунна хетарехь, Оьрсийчоьно шена тIера баьккхина Нохчийчохь лелачу харцоно кхуллу бехк.







Нохчийчоьнан куьйгалло а дIахьедира: бух бац, Европан кхело бохург "цхьана а билгалонашца тIечIагIдойла дац".



2018 шеран ГIура-баттахь Европан кхерамзаллин, цхьаьнаболхбаран организацерчу (OSCE) 16 пачхьалкхан векалех хIоттаеллачу тобано кхайкхамбира Оьрсийчоьне Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хилар тергоне эцахьара, аьлла.
"Москвара механизм" олучу адамийн бакъонаш тергалъечу пачхьалкхийн юкъарчу кепехь Нохчийчуьра хьал талла кечлучу тобано дIахьедаро бохура, Оьрсийчоь, ша къобалдинчу дуьненаюкъарчу документашца а догIуш, декхаре ю Нохчийчуьрчу Iедале махкахь адамийн бакъонаш цаталхаяйта.







OSCE-но ша бинчу талламан жамI иштта довзийтира: Нохчийчохь ца хеддаш лоьцу нах, жима-воккха ца лоьруш, Iазап латтадо царна тIехь, кхобу "къайлахчу набахтешкахь", хIаллакбо.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *