Ахча чохь долу банкомат яьхьна Нохчийчохь
Дийцарехь, 6 миллион сов сом ахча даьхьна цу чуьра шина зуламхочо. Ширачу "Волга" машен тIехь гIалел ара а бевлла, банкомат чуьра ахча схьа а даьккхина, лараш яйархьама машенах цIе тесна цу шиммо. Полисхоша лоьхуш бу талорхой.