Нохчийчуьрчу 92% доьзалийн таро яц ипотека эца
Иштта Нохчийчохь ипотекаца петар эца аьтто болуш бац 7,8 процент доьзалш а бен. ГIалгIайчохь и терахь ду 8 процент, ткъа Дагестанехь – 10,3.
Иштта хьал нисдалар доьзна ду цу республикашкахь баккхийн доьзалш а, лахара алапаш а хиларца, дуьйцу говзанчаша.
Ипатекаца доьзна хьал уггар гIоле ду Оьрсийчуьрчу регионашна юкъахь Ямало-Ненцойн автономан гонехь. Цигахь 68,2% доьзалш бу ипотека эца аьтто болуш.