Оьрсийн паспорт дехна Путине Орейро Натальяс
Ша 15-зза хилла Оьрсийчохь, цундела кху пачхьалкхан яхархо хила хьакъ хета шена ша аьлла актрисас.
Ишта цо чIагIо йина, 2013-чу шарахь Оьрсийчоьнан вахархочун паспорт эцначу францхойн актер волчу Депардье Жерарар а "тIехсов оьрси" хир ю ша аьлла.
Францера актерана Депардье Жерарна оьрсийн паспорт дала бакъо луш, омрана куьгъяздинера Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира.
Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 5 чоь йолу петар елира францхойн актерна.