Макгрегора дIаерзийна спортан карьера
Макгрегор UFC чемпионатехь абсолютан чемпион вара шина йозаллин категорехь. Шен карьерехь тIаххьара иза летира Дагестанерчу спортхочуьнца Нурмагомедов Хьабибца. Нурмагомедов туьйлира 4-чу раундехь, садукъаделлачу Макгрегора ша кхин дIа дуьхьало ян гIорасиз хилар куьйгаэшарца хаийтича.