2021 шарахь дуьйна маьIа хIуманаш яр дихкина Европарламенто
И низам тIеэца реза хилла 560 евродепутат, 35 дуьхьал хилла, 28 кхаж ца тесна.
Яхкайелла вовшахйовла маьIа хIуманашна оьшу вуно еха хан. И бахьана долуш уьш IаьIаш ю хIордашна чохь а, пляжашкахь а, Iалам бехк а деш дийнаташ а, чIерий а, хьозарчий а дойуш.
2014-чу шарахь бинчу талламца Дуьненан хIорда чохь гулйелла ю 268 940 тонн маьIан а, телатан а нехаш.