Хелхавала реза ца хилла меттигера вахархо вийна дагестанхоша ГIирмехь
Полисхойн версица корта бахо маларш мийлинчу кхаа дагестанхочо бар чу веанарг хьовзийна хилла: "Вало хелхавала" аьалла.
"Хелха вала оцу 34 шо долчу жимчу стага дуьхьало йича, "и зуда" ялийта хелха бохуш, кочабахна хилла цуьнца хиллачу цуьнан хIусамнанна. Оцу бахьанашца летта цу чохь уьш", - дийцина газете чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь.
Масийттазза уьрсан чевнаш йина хилла жимстаг велла шен зудчун карахь. Чевнаш йина ишта конфликтехь дакъалаьцначу кхи цхьанна а. Латаршкахь хилла кхи а кхоъ каравеана полисхошна. Къастийна, Дагестанера ГIирме а баьхкина, гIишлош еш, белхаш беш хилла уьш.