Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

АгIончаша а, мостагIаша а бехкбуьллу блогерна Абдурахмановна

Шайн протестех лаьцна бинчу видео-бегаша оьгIазбахийтина ГIалгIайчуьра бахархой

"МаьлгIабекан а, Соьлжан а кIошташкара дайх дисина латта" юхадоьхуш, Нохчийчохь а, Европерчу гIаланашкахь а гуламашка бовларе кхайкхина нохчий Польше тховкIело йоьхучу нохчийн блогеро Адурахманов Тумсос шен рогIерчу видеохула.


Бегаш беш иза кечйина елахь а, яьлла хьовсархойн тидаме: аудиторин гIалгIайн дакъа ца кхетта воьлучух, жоп доьху цуьнга.


Шина минотах лаьттачу клипо сихонца вовшахтоьхна итт эзар сов хьажархо, гулйина эзарнаш комментареш. Массех де даьлча Абдурахмановс дIаяьккхина видео шен YouTube-каналера, амма йисина иза  Telegram-ехь.


"Тхуна иза бегаш бац"


КхидIа ша кечйинчу видеохь Абдурахмановс элира, ша бинарш бегаш бу, ша гуламашка кхойкхуш вацара, Нохчийчоьне юхаделлачу лаьттанийн хьокъехь Оьрсийчохь а, Европехь а гIалгIай вовшахбетталуш хьийзар дийцаре дилла воллуш вара, аьлла. И акцеш хьаштдоцуш гIиттайо, боху блогеро.


Абдурахмановс бегаш бойла гуш дан а ду цо шен махкахошка йоцуш йолчу хьукматийн цIарх къамелдарца: "Нохчийн Дуьне", "Америка схьайиллинчийн Тешаш", "Нохчийн Австрали мукъаяккхархой".







ХIетте а оьгIазбахана видеона Европерчу гIаланашкахь гуламаш бан кечлуш лела гIалгIайн жигархой а, ГIалгIайчуьра бахархой а. Шайна луьйш ву Абдурахманов, воьлу шайн тIехь, бакъонехьа къомо гаттийна къийсам аьшнашбо, аьлла хета оппоненташна.


ГIалгIайчуьрчу "Яблоко" партин декъан куьйгалхочунна Муцольгов Русланна гарехь, "даьIахкаш тIехь хелхавуьйлу" Абдурахманов Тумсо.


"Иза "даьIахкаш тIехь хелхавийлар ду", провокацина арахецна видео, гIалгIайн жигархой тIетаьIIина лоьцучу, царна хIусамех хьоьжучу, уьш кхеле ийзочу деношкахь. Доьлучохь дац тхо тахана. Нохчашний, гIалгIашний юкъа цимтасар ду иза. Амма ца хета суна вайн къаьмнашна юкъа дов доьлла аьлла. Регионерчу Iедало лелориг бен дац оха далхориг", элира политико "Кавказ.Реалиига".


"Кадыров вийца – иза ю хьуна хьан тема"


Абдурахмановн видео, иза тIехь йолчу меттиган адрес вуно сиха дIасадаржийна гIалгIайн пабликаша а, чаташа а, мессенджерша а. Тумсона ца моьттура шега хьовсучарна оццул чIогIа новкъадогIур ду ша бегашбеш аьлларг.







YouTube-рчу комментаторша бехкбуьллу оцу кепехь бегаш барна.


Romanoff Roman:


"Тумсо, ма хьаштдоцуш хьейо ахь и тема. Кадыров вийца – иза ю хьуна хьан тема. Гарехь, нах хьайга хьийса боьлча, куралло корта хьовзийна хьан. Ма эккхийта гIурт."  


Абубакаров ABU-BAKR:


" Дика дара, и болх Кремлой, "Роснефтой" бойтуш бацахьара, вайна юкъахь диса дезаш дара дерриг а. Я Евкуровн а, я Кадыровн а карахь дац иза, Кремль ю оцу балханна тIехьалаьтташ ".


Кеп-кепара хадабо мах интернетехь. Дозанаш дийца дахаро вежараллехь деха ши къам вовшашца эгIош лаьтта, аьлла хета дукха наханна.


i am muslim ing06:


"Хуьлуш лаьттачух со кIезиг кхета. Хьенан латта, хьенан дозанаш? Буьзина, шаьш кхин хIун дийр дара-те бохуш хьаькамаш хьийза, ткъа дар-дацарш вайна юкъахь лела".


Абдулаев Махач:


"Ассалам Iалайкум, вежарий! Ма ловзадайта шаьш! Хила кхетаме, дайх тера лела! ХIун ду вайна юкъахь декъа, даккха? Эрна ма ца олу, ма лела лаьтта тIехула тIех кура, оцу лаьтта дерза дезаш ду шуна вай! Дала собар лойла кхетамчохь мел волучунна!"

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *