15 стаг вийна Шри-Ланкахь полицин операцехь
Цара герзаш диттинчу цIа чохь карийна вийна 12 стаг. Цара кхоъ терроран Iожалхо хилла аьлла хета полицин белхахошна. Цу сов йийна 3 зуда а, 6 бер а. Гергазаш деттарехь вийна кхин а 3 стаг.
Оханан-беттан 20-чу дийнахь Шри-Ланкахь маситта эккхийтар дина. Iожалхоша тIелатар динера керстан килсашна а, кхечу пачхьалкхашкара туристаш беха хьешан хIусамашна а. И зулам шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано.