Сацийна 500 еврон банкноташна зорба тохар
Еврозонера йисинчу 17 пачхьалкхо 500 еврон банкноташна зорба тохар сацийнера кхушеран Дечкен-баттахь. Уьш кхин дIа а мах беш лолор ю, нуцкъала лелачур дIайохур яц.
500 евро йозалла долчу ахчанна зорба тохар сацо сацам бира 2016-чу шарахь. Бахаьана дара коьртачу декъана и купюраш лелош хилар низамаш дохош – харц даьккхина ахча цIандеш а, кхаьънаш луш а, терроран акташ ян ахча луш а.
Иштта, 500 евро кехаташца миллион евро ахчанан йоьзалла яц 2 килий 200 грамм бен, цхьа миллион доллар 100 долларан мах болчу кехаташца 6-зза деза долчу хенахь.
500 еврон банкнота уггар езачерах ю кху дуьнентIехь. Цул еза яц 1000 Швейцарин франкан а, ткъа иштта 10 000 Брунейн долларан а банкноташ а бен, билгалдоккху Bloomberg агенталло.