Оьрсийчуьрчу регионашлахь уггар а ирсениг Соьлжа-ГIала ю аьлла
Дахаран хьелаш ледарчу хьолехь ду аьллачу гIаланийн рейтингехь ю БуритIе (63%), Хабаровск (69%), Воронеж, Петрозаводск, Ярославль (70%).
Оьрсийчоьнан 250 эзар сов бахархой бехачу 78 гIаланашкахь дIаяьхьначу мониторингца хIоттийна ю хIара рейтинг аьлла, билгалдаьккхина "Грозный-информ" агенталло.
Карладоккху, 2013-чу шеран Гезгамашин баттахь а Iорадехира, юкъараллехь хеттарш дIахьучу Ньюсэффектор компанино, Оьрсийчуьрчу 100 гIалана юкъахь ирсениг хоржуш шаьш бинчу талламийн жамIаш.
Соьлж-гIалин юкъ бен башха меттахIоттийна яцахь а, цу юккъера керла йина гIишлош тIех еза хиларна, еса лаьтташ елахь а, цу гIалин бахархой Оьрсийчура уггар ирс долуш леринера, цу хеттарш дIахьучу организацино.