Шаьш беха мохк хийца лууш бу 750 миллион сов бахархой
Уггар дукха кхечу пачхьалкхе дIабаха лууш бу Африкера нах (33%), Латинийн Iамеркера бахархой 2-чу меттехь бу (27%). Царна тIаьхьа бу Евробертана юкъайогIуш йоцчу Европерчу пачхьалкхийн бахархой (26%).
Иммиграци ян луучу нахах дукхахаболчара сатуьйсург ю Iамерка – 158 миллион стаг. Канадехь баха лууш бу 47 миллион нах.
Ала дашна, мигранташ кхача гIертачу пачхьалкхашна юкъахь ю Оьрсийчоь а. Цу махкахь баха лууш бу 8 миллион кхечу пачхьалкхашкара нах.
К слову, в списке есть и Россия, где хотели бы жить восемь миллионов иностранцев.