Оьрсийчохь уггар къена стаг велла Несарахь
Цу клиникан коьртачу лоьран когаметто Касиева Тамарас дийцарехь, къано валах лаьцна лоьраша сихха хаам бира ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке.
Илиев валар хьокъехь Евкуровс "ВКонтакте" социалан машанехь йолчу шен агIонехь, "Дала къахетам болба, Дала гешт долда!", аьлла, кадам бина цуьнан гергарчаьрга. Цо яздарехь, воккхачу стага кхиийна 8 бер а, 35 берийн бер а, 34 берийн берийн бер а.
Илиев Аппаз винера ломарчу Гули эвлахь 1896-чу шарахь Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь.