Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш шоръеш ю Украинано
Оцу юкъанна министрийн кабинето тIечIагIдина, чукхоьхьучу кхийолчу оьрсийн сурсатех Марсхьокху-баттахь дуьйна совнах мах бала безаш хилар а. ХIинца лелачу тарифашна тIекхетар бу и юкъабало мах.
Экономикан министрна хетарехь, оцу барамаша дуьхьало йийр ю "Украинера капитал шен агрессор йолчу пачхьалкхна дIа ца кхачийта а, юзур юмехкан бюджет, Украинехь арахоьцучу сурсатийн мах а бийр бу, керла белхан меттигаш а йохкур ю".