Нохчийчохь кхин а 20 школа схьайоьллур ю кхушара
Цо бахарехь, махкахь тIаьххьарчу шерашкахь йина, меттахIоттийна, чохь оьшу гIирс а оьцуш, 479 доьшийла.
Кадыровс хаийтира Нохчийчоьнан институташкахь а, университетехь а белхаш бечу хьехархошлахь 139 Iилманийн доктор а, 602 Iилманийн кандидат а вуйла.
Шен къамелехь Кадыровс довзийтира махкахошлахь "Оьрсийчоьнан Турпал" седа лелочу нехан терахь а – 19 стаг.