Кхузахь шуна Москох яц
Навальныйн аьтто ца баьлла кавказхойн дегнаш эца. Я гIерта а ца гIиртина Кавказхой ца бахна Навальный президентан харжамашка вуьтуьйтучу кампанин декъа. Меттигерчу жигархоша боху, шаьш кийча ду коррупцина къийса, амма Навальныйн агIо шаьш лоцур яц. Дахначу кIиранах Оьрсийчуьрчу гIаланийн урамашка бевлира оппозицигахьа болу нах – Навальный ган лаьа шайна президентан гIентахь, бохура цара. Гиначара дийцарехь, полици бIаьстачул кIеда яра гуламхошца – автозакашна чу ца кхийсира тIех жигара хьийзинарш бен. Читать дальше...