Лаьцна латтийна гIалгIайн жигархо маьршаваьккхина
Хьалхо иштта бехкам а беш, маьршаваьккхира СИЗО-ра Мужахоев ИбрехIим а.
Зазадоккху-беттан 26-чохь ГIалгIайчоьнан оппозицино Iедалшкара пурба а доцуш Магасан майданахь хIоттийна хилла митинг шолгIачу дийне а йоккхуш, дIаяхъйинера. ГIалгIайчоьнан Талламан комитетан дIахьедарца, цу дийнахь хиллачу тасадаларшкахь чевнаш йинера ницкъаллийн структурийн 10 белхахочунна. Охан-беттан 2-чохь дуьйнна дIелахьо болийра митинган жигархой.