Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Оьрсийчуьра берийн ансамбл Гуьржийчу кхайкхина дешаран министр дIаяьккхина

Аджарин премьер-министро Рижвадзе Торникес даржера йохийна регионерчу дешаран, културан, спортан министр Шамилишвили Инга. Дийцарехь, бахьана ду - Гуьржийчоьнан йозуш цахилар даздечу дийнахь Оьрсийчуьра еанчу берийн ансамбло Батумин урамех чекхбийлар "Оьрсийчоь, Оьрсийчоь" бохуш, маьхьарий а детташ. ТАСС агенталло бина и хаам.


"Таханалерачу денца суна вай массо а декъалдан лаьа, уггар а хьалха. Кху дийне кхача гIерташ вайн дайша къийсам латтийна, делахь а, вайн йозуш цахиларе къийсам тахана а дIахьош бу вай. Урамехь хиллачух аьлча, ах жоьпалла Аджарин дешаран министраллана тIехь ду, цундела иза даржах мукъаяьккхина", - аьлла, дIахьедина Рижвадзес.


Масийтта шо а ду Батумехь, Аджарин дешаран министраллан инициативаца, дуьненаюкъара фолклоран фестивал дIахьош йолу. Кху шарахь дуьххьара дакъалоцуш хиллера оцу фестивалехь Оьрсийчоьнан Ростов гIаларчу берийн ансамбло. Дешаран министралло кхайкхина баьхкина а хилла уьш.


Гуьржийчоьнан йозуш цахиларан де – къоман дезде ду. ХIора шарахь Стигалкъекъа-беттан 26-чохь билгалдоккху и. 1918-чу шарахь Оьрсийчоьнан империн декъара араяьллачул тIаьхьа дIакхайкхира иза Гуьржийн Демократин Республика аьлла.


 


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *