Кабулехь динчу эккхийтарехь 10 стаг лазийна
Хаамбарехь, микроавтобусах йоьллина хилла оьккхуьйтург. Цкъачунна цхьана тобано динчу зуламах жоьпалла тIелаьцна дац, амма Кабулехь хьалха дуьйна а тIелатарш дира "Талибан" боламо а, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша а.
Дахначу кIиранах меттигерчу маьждигчохь эккхийтар дина велира кхо стаг, кеп-кепара чевнаш йира мел лахара а 20 стагна