Кремл: украинхойн хIордахойн гIуллакх оьрсийн кхело луьстур ду
Украинан президентна Зеленский Владимирна хетарехь, ООН-ан трибуналан хIордахой а, церан кеманаш а маьрша даха аьлла, тIедиллар Оьрсийчоьно кхочушдахь, Украинаца "конфликт" ерзорехь дуьххьара яьккхина гIулч хир ю и аьлла. Субботехь Фейсбукехь яздина президенто и аьлла.
Маршо Радионо яздира, Лахьан-беттан 25-чохь Украинан кхо тIеман хIорда кема а, 24 хIордахо а лацарх Оьрсийчоьнан ницкъаша Керчан гечонехь. Лазийра ялх украинан хIордхо. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан (ФСБ) куьйгалло а бакъбира и хилам: доза дохорна Iаьржачу хIорда тIехь лаьцна Украинан кеманаш, аьллера цо.
ТIаьхьо оьрсийн кхело Украинан 24 хIордахо шина баттана чохь сацош сацамбира.