Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Рак эшайо шайн дарбано, боху Iамеркарчу Iилманчаша

Ульянова Наталья

Настоящее Время                                                                                                    (Карара Хан)

Дейоьхьашна кхетта рак юхайоккху шаьш кхоьллинчу молхано, аьлла даржийна Джефферсонан а, Джефферсон Томасан а университеташкарчу Iилманчаша.


Рак-лазар лоцучу дегIан меженех кхоалгIачу меттехь ду дейоьхь. 2018-чу шарахь 1,8 миллион стагна хIоттийна лоьраша и тайпа диагноз. Дейоьхьашна кхеттачу раках ле 51020 Iамеркахо хIора шарахь.



Iилманчаша дIахьедина, шаьш кхоьллинчу вакцино цомгуш волчу стеган имунитет "Iамайо" ракан орамаш леха а, уьш хIаллакдан а, аьлла.


Клиникан экспертиментехь дакъалаьцна 10 лазархочо: 48-80 шераш ду церан, диагнозаш – I-II муьре яьлла дейоьхьан рак. ХIоранна а цкъацкъа йина вакцинаци. Молха тохале хьалха дархошна операцеш йина дейоьхьашна, рако керла хецна орамаш дIадохуш. Химио-, я зарратан терапи ца еш витина хIора а.


Ялх беттачохь тергалбина Iилманчаша цомгушнаш. Оцу юкъанна, иммунитет зуьйш, кхузза эцна цIий.


ЖамIаша гайтина лоьрашна коьртаниг: кхоьллинчу молхано адаман имууннитетна аьтто бо GUCY2C-молекула "раках латийта". Цамгаро лаьцначу дейоьхьашца хаало и молекула, иза шен гIора ма-кхоччу духьалйолу ракна - дукха хьолехь, аьлча а, даима а санна, "оьшу", цундела адам ле.



Вакцино пациентех цхьанна а ца бина Iаткъам, хьал эша ца дина. Мелхо а, "ир-карахIоттийна" цомчушчийн иммунитет, жигарадаьккхина дилхе шегга ракна дуьхьалояйтар.







"Рак кхиориг, цунна яржа некъ боккхург хIун ду хаа оьшу. Карийначу хаарша хьоьхур бу дарбанна керла некъаш. Деза ду бинчу талламан маьIна, цо гайтина, пациентна хуьлуш зен а доцуш, цуьнан иммунитете шегга лаха а лохуьйтуш, шегга рак хIаллакъяйталуш хилар", - элира бинчу талламан авторех цхьамма, медицинан Iилманийн доктора Карен Э. Кнудсена.







"Талламан шолгIачу декъанна кечлуш ду тхо, гурахь хоржур бу цунна пациенташ. Хьалхарчу декъо деллачу жамIах пайда а оьцуш, вакцина эвсаръяккха, кхин а сиха, атта рак эшош хилийта дохку тхо", - хаамбира вакцинин шолгIачу авторо Снук Адама.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *