Арахьара делегациш тIелаца 10 млн сом билгалдаьккхина Нохчийчоьнан Iедало
Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, хаамийн, зорбанан а министралло тендер кхайкхийна Соьлжа-ГIалахь арахьара делегациш тIелацарна лерина. Эцаран толамхочо 10 миллион соьмах 19 арахьара хьаша тIелаца веза. Тендеран техническан тIедилларца а догIуш, тендеран толамхочо Тунисерчу ялх стагна, Таджикистанерчу пхеанна а, СаIудийн Iарбойчуьра а, Пакистанера а виъ-виъ хьашана а бизнес-классехь кеман билеташ эца деза. Вип-трансфер хилийта еза церан, иштта тайп-тайпана европхойн кханаш а, диетехь волчунна лерина меню а хила еза... Читать дальше...