Нохчийчуьра кхел йина ЛГБТ-жимстаг дуьйцуш бахьана а доцуш карцер чохь латтош ву
Краснодаран кIоштарчу Ахтарский эвлахь номер 11 йолчу колонин карцерехь Нохчийчуьра ЛГБТ-жимстаг Исаев Исмаил латтон 19 де а ду. Билгалъяккхазчу ханна, дуьйцуш бахьана а доцуш, ШИЗО хьажийна иза. СК SOS кризисан тобано бечу хаамца, юьхьанца Исаев карцер чувоьллира 15 дей-буьйсий хан а тоьхна, цунна хан тоьхначу Iедалан къепеца "магош" ду аьлла. Марсхьокху-беттан 6-чохь араваьккхира иза, цул тIаьхьа оцу сохьта юха а цу чу кхачийра, мел хан яккха деза а ца хоуьйтуш. Цуьнца цхьаьна кхел йина цуьнан... Читать дальше...