Ша ФСБ-н белхахо ву бохуш, Нохчийчуьра ММА-н латархочо ахчаш дохуш хилла Москван вахархочуьгара
Турхо цIарца вевзаш волу нохчийн ММА-н латархо Дакаев ИбрахIим лаьцна полицино Москвахь, нуьцкъаха ахчаш дахарна бехкевина. Иза лелош хилла цо шен накъостаца. Шен доттагIчуьнца Висаригов Джабраилца Москварчу вахархочун хIусаме веана хиллера Дакаев, тIакха и вуьйр ву бохуш кхерамаш тийсина, цуьнан хиллачу зудчунна 75 эзар сом дехьадаккхар тIедожийна хиллера. Цара ФСБ-н белхахойн кехаташ гайтинера. Москварчу вахархочо цара бохург дина, амма полицига дIадийцина. ШолгIачу дийнахь полицино лецира Висагиров а... Читать дальше...