Ток лачкъийначун туху гIуда алсамдаьккхина Оьрсийчохь
Дуьххьара къайлаха ток ягийначун тухучу гIуданан барам хьалха санна бисина - 15 эзар сом бахархошна, 200 эзар сом юридикан статус йолчу компанешна а, юкъараллашна а.
Амма шозлагIа низам дохийначу стагана тухур ду 15-30 эзар сом гIуда. Даржехь волчун – 80-200 эзар сом. Ткъа юридикан статус йолчу компанешна а, юкъараллашна а, иштта дIа кхин а тухур долчу гIуданан барам бу 200-300 эзар сом.
2017-чу шарахь "Единая Россия" партин депутаташ чубохка лууш бара ток лачкъорна гучубевлла нах, амма энергетикан министралла реза ца хилира цунна.