МаслаIате кхойкху Дагестанерчу юкъараллан жигархоша
Махлелоран йоцчу вовшахтохараллин кхеташонан куьйгалхочо Хадулаев Шамила нохчашка а, Дагестанерчу къаьмнийн векалшка а кхайкхам баржийна вовшех кхеташ а, вовше лоруш а хилахьара аьлла.
"Дахарехь хала миноташ тIехIиттича, мел мухха делахь а, вай гIо доьхур ду дагестанхоша - Нохчийчоьне, нохчаша - дагестанхошка", - аьлла дIахьедар дина Хадулаевс.